Суна-м хьо ца вицвелла
Хьан ойланехь къайла яларх со..
Хьоьца къастар дазделла
сингаттамо хьийза йо со..
Хьоьца доьлуш, соьца доьлхуш
Ирсе денош дегийра..
Ахь со хьайца д1а ца йоьхуш
Хьуна-м кхин малх къегийра..
Некъаш цхьана ца деъна,
Къаьстина вай дегнаш лелар ду..
Амма хьуна ирс дехнарг
Хаалахь, со цхьаъ ма ю..