Тийна лаьтта сийна хьаннаш, Мохо хьоьстуш леста г1аш. - Г1ел ма лохьа, - бохуш санна, Бай т1ехь техка зезагаш. Хьалха санна чехка Яьсси Буьрса бердийх деттало. Амма суна-м ахь дог лаьцна, Суьйре тийна хетало. Яц хьо соьца, юххехь декаш Хьоме хьан аз хезаш дац. 1аьржа б1аьргаш, малхах лепа Йогу беснеш суна гац. Гена некъ бу, - яц хьо генахь, Хьо даим сан дагчохь ю. Кхоллам белахь вайша бертахь Ирсе цхьаьна дехар ду. Суьйранна цкъа хьайн сагатлахь, 1аламе ладог1алахь. Мелчу мохца беснеш хьоьстург Со хир вуйла хаалахь.